ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н хилла Нохчийчуьра белхахо бехказваьккхина Москох кхело


Гайтаман сурт.

Воронежера бизнесхо Москох вер кечдина аьлла, жоьпе озийна ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхаллан белхахо хилла Алероев Iаьрби а, цуьнан ши накъост Нальгиев Ислам а, Замуруев Иван а бехказваьккхина Москох кхелехь бехккъастрхойн коллегино, яздо "Коммерсанто".

Талламхойн версица, Нальгиев Ислама мила ву ца хуучу стагера 30 эзар доллар ахча эцна хилла, Воронежера бизнесхо Корнев Кирилл верна. Иза кхочуш дар Нальгиевс тIедиллина шена вевзаш волчу шина стагана Алероевна а, Замуруевна а. Бизнесхо вен цара лаьцнарг зулам дечу меттана полице вахана.

Кхелехь бехкъасторхойн шеко кхоллаелла иза баккъалла а хилла хIума ду бохучух. Кзеле озийнарш цу декъана бехказбаьхна. Нальгиев бехаказваьккхина бакъо а йоцуш герз лелийна бохучух а.

Алероев Iаьрби а, Замуруев Иван а къера хилла цу агIор шаьшшина бехк хиларна. Цу шинна хан кхайкхийна 2 шо 7 бутт хIоранна а. И хан цара талламан изоляторехь яккхарна кхуьа а дIахецна кхелехь.

XS
SM
MD
LG