ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковскаян гIуллакхехула Закаевн тоьшаллаш дIаделла талламхошка


Закаев Ахьмад.

Политковская Аннин доьзалан адвокаташа талламхошка дIаделла нохчийн политико Закаев Ахьмада "Новая газетан" журналист ер хьокъехь дина тоьшаллаш. Адвокато Ставицкая Аннас "Интерфаксе" дийцина ма хиллара, стокха гурахь Лондонехь Закаевс тешош дагара хаийтина, ша хIунда вацара Политковская ен еза аьлла хеташ бохург.

Ставицкаяс бинчу хаамца, Талламан комитет официалан кепара реза хилла Закаев Британехь леван. И процедура маца хир ю цкъачунна хууш дац.

Закаев Ахьмад Британехь вехаш ву 2003-чу шарахь шена политикан тховкIело елччхьана дуьйна. Хьалхо Политковская ер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехула чувоьллина волчу милцо хиллачу Павлюченков Дмитрийс тоьшалла динера, Закаев Ахьмад а, бизнесхо Березовский Борис а вара и зулам дан кост делларг аьлла.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохор толлуш хиларца евзаш йолу "Новая газетан" журналист Политковская Анна йийр Москох 2006-чу шарахь ГIадужу-баттахь.

Павлюченков воцург и зулам дарна чувоьллира Гайтукаев Лом-Iела а, милицин белхахо хилла Хаджикурбанов Сергей а, МахумудовгIар Рустам а, ИбрехIим а, Джабраил а. Гайтукаев тIаьхьо велира колонехь.

Журналист ен кост динарг къастийна вац.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG