Демократин партин цIарх президентан харжамашкахь дакъалаца лаам болчу Вермонт штатерчу сенаторо Сандерс Бернис дIахьедар дина, Iамеркехь харжамашкахь кхаж таса бакъо хила еза массера а, шайна юкъахь террорца доьзна зуламаш динарш а болуш аьлла. Цунах лаьцна хаам бо NBC News.
Чубохкинчу наха харжамашкахь кхаш тасарх лаьцначу хаттарехула шена хетарг алар дийхира Сандерсе, Бостонерчу марафонехь терроран тIелатар дарна вен кхел кхайкхийна карарчу хенахь луьрча хьелашкахь набахтехь латто Царнаев ЖовхIар масална а валош. Шен жоьпехь сенаторо билгалдаьккхира, зуламхошна таIзар дан деза цара зуламаш дарна, амма кхаж таса йолу бакъо дIаяккха йиш йоцуш ю Iамеркан демократех аьлла.
Сандерса билгалдаьккхира зуламхоша шаьш диначух "юкъараллана хьалха мах луш" хилар "чубоьхкина набахтехь хан токхуш".