ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьно дIалур бац Маьтлоам


Маьтлоам гойтуш бу ГIалгIайчоьнан гербана тIехь.
Маьтлоам гойтуш бу ГIалгIайчоьнан гербана тIехь.

ГIалгIайчоьнан Джейрахан кIоштан а, бахаман а латтанашна терго ярехула министраллан а куьйгалхой дагахь бац Маьтлоам Къиласеда ХIирийчоьнна дIабала, хаам бо «Обзор» хаамийн ресурсо. И лам бу ГIалгIайчоьнан Пригородни кIоштан дозанца. Цуьнан сурт ду ГIалгIайчоьнан а, ткъа иштта Буру-гIалан а гербашна тIехь.

ГIалгIайчоьнан бахаман а латтанашна терго ярехула а министраллан векло Плиев Мусас дIахьедар дарца, Маьтлоам Къилбаседа ХIирийчоьнна дIабала мегаш бу бохург эладиташ ду. И лам ГУП (пачхьалкхан унитаран предприяти) «Кавдоломит» компанин территори тIехь бу, цу декъана тIехь доза къасторехь хийцамаш бар планехь дац, боху цо.

Джейрахан кIоштан куьйгалхочо Льянов Ахьмада дийцарехь, Маьтлоам ГIалгIайчоьнан административан территори тIехь бу Советан Пачхьалкх йолчу хенахь дуьйна, ткъа доза хийца хIоттийна цхьа а план а яц, дIахьош белхаш а бац.

3 эзар метар лекха болу Маьтлоам беза лоруш бу гIалгIаша. Цуьнан бохь тIехь ю Мят-Села олу деланийн динехь гIуллакх дон шира гIишло. Иза болх беш хилла 19-чу бIешарахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG