ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дронашка болх байта бакъо елла Iамеркан Iедалша


2014-чу шарахь дуьйна, керла гIуллакх зуьйш, Австралехь Wing Aviation компанино дронашца дIасакхоьхьуш ю кофе а, кхача а, молханаш а, цхьацца хIусамехь оьшу кегийра хӀуманаш а.
2014-чу шарахь дуьйна, керла гIуллакх зуьйш, Австралехь Wing Aviation компанино дронашца дIасакхоьхьуш ю кофе а, кхача а, молханаш а, цхьацца хIусамехь оьшу кегийра хӀуманаш а.

Iамеркан некъахойн авиацин урхалло (FAA) Wing Aviation компанина бакъо елла, махкахь дронашца (тIехь пилоташ боцучу беркеманашца) цхьацца хIуманаш дIасакхехьа. Iамеркехь дуьххьарлера цу тайпа сертификат ю иза.

Wing Aviation дакъа ду Google корпорацин. Дуьххьарлера хIуманаш дIасакхехьа йолор ю дронашца Вирджиния штатерчу шина гIалахь, Wing Aviation компанино меттигерчу Iедалшца барт бинчул тIаьхьа.

2014-чу шарахь дуьйна, керла гIуллакх зуьйш, Австралехь Wing Aviation компанино дронашца дIасакхоьхьуш ю кофе а, кхача а, молханаш а, цхьацца хIусамехь оьшу кегийра хӀуманаш а. Вирджини штатехь а изза дан мегаш ду.

Uber а, UPS а, кхин йолу а компанеш а ю оццу Iалашонца Iамеркан некъахойн авиацин урхаллера сертификаташ даха дагахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG