ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьайна тIехь лелочу Iазапах дIаволар ду доьхнарг"


Буйницкий Сергей
Буйницкий Сергей

Хакасин таIзар дарна тIехь урхалла латточу (ФСИН) хьукматна чуйогIучу колонин кхаа белхахочунна оршотдийнахь набахтехь даккха 6 а, 5 шераш хенаш кхайкхийна Абаканан кхело. ИК-33 лоьмар йолчу колонин куьйгалхо Чичинин Евгений а, цуьнан куьйгакIел лаьттина Золотухин Дмитрий а, Васильев Илья а ву аьлла, Iораяьхна церан цIераш.

Уьш бехкебина лецначарна етташ хиларна: аьрзнаш яздечуьра совца бохуш, оцу методашца кхеро гIиртина бехкебийраш.

Делахь а кхело кIелхьарбаьхна уьш, тутмакхаш хьийзош хилла аьлла, биллинчу цхьана бехках. Оцу бахьанашца кIезиг хенаш тоьхна царна. Юьхьанца дуьйна прокуратурано 11 а, 12 а шераш доьхура ФСИН-ан белхахошна.

Абаканера набахти
Абаканера набахти

Ишта кхело тIедожийна царна цхьа миллион, ах миллион ахчан барамехь компенсаци тутмакхашна ялар. ТаIзар кхочушдаран урхаллехь даржашкахь кхаа шарна болх бар а дихкина царна.

ИК-33 набахтехь хан токхуш волу Абаканера вахархо Буйницкий Сергей зен хилларг ву аьлла, тIечIагIдина кхело. Чичинина а, цуьнан белхан накъосташа а йитинчул тIаьхьа жим хIаллакхилла цуьнан.

Кхелахоша шайн сацам бовзийтинчул тIаьхьа, "Сибирь.Реалии" проекте дийцина Буйницкийс, таIзар дайн хиларна, ша реза ца хиларх. Кхелан сацамна латкъамбина, гIуллакх Лакхарчу кхеле дала дагахь ву ша аьлла цо.

"Соьга хаьттича, 15-17 шераш догIу царна. Йоллу системана а, цуьнан куьйгалхошна а дIахаийта деза, тутмакхаш адамаш доцуш санна цаьрца хила ца везийла. Хийца еза система. Уггар доьхнарг хIун ду хьуна аьлча, шена тIехь лелочу Iазапах дIаволар. Цул тIаьхьа ца кхоьру хьо. Бен-башха ца хетара суна сайна еттачу заманчохь. Ойла хуьлура: "Со вийна довлахьара шу, шу карара вала" олий.

Буйницкий Сергей
Буйницкий Сергей

Буйницкийс ма-дарра дийцира, Чичинина а, цуьнан куьйгакIеларчу шиммо а тутмакхашна тIаьхь лелочух.

Цо бахарехь, даим а аьрзнаш деш хиллера цо шайн камераш чохь латточу хьелашна.

Латкъамаш ца тайначу колонин администрацино ШИЗО-хь хан яккхийтинчул тIаьхьа, кхо пхенаш хедийча, ЕПКТ олучу меттиге дIахаьжийра иза.

"ЕПКТ хIун ю хьуна аьлча, набахтех тера хIусам ю иза колони чохь. Цигахь тутмакхаш баракаш чохь Iаш бац, пене дIатуьйсу маьнгаш долчу камераш чохь бу. Хьо дIа а воьхкий етта хьуна, царна бен дац хьанна еттахь а, - дагалоьцу Буйницкийс. – Цу чуьра арадолуьйтуш цхьа арз дац, цхьа кехат дац. Цу чохь берш адамаш санна а ца хета. Цу ЕПКТ чу дехьа ма ваьккхи, соьга боху: "Ахь цхьанхьа а кехаташ ца яздо, адвокат а хьайна ца оьшу олу ахь. Кху чохь цхьаннах а пIелг Iуттуш а бац ахь алахь-йисина хьайн хан паргIат токхур ю ахь". Ас элира: "ХIан-хIа, со Iийр вац тапъаьлла". ТIаккха тIехь гIело ян буьйлабелира уьш суна", - дагалоьцу чохь хан яьккхинчо.

Кхаа кIиранах ЕПКТ чохь 5-зза йиттина хилла Буйницкийна, цуьнан материалашкахь дийцарехь: Марсхьокху - беттан 11, 15, 21-чу деношкахь а, Гезгамашин-беттан 1-чохь а.

"Камераш йоцчу вуьгу хьо. Шпагат еш санна дIа а хIоттавой, куьйгаш дIаса а дохуьйтий, латтаво хьо. ТIаккха дубинкаца, когашца, куьйгашца етта хьуна. Хьо охьавужу. Маьхьарий хьоькху цара: катоххий хьалагIаттал, бохуш", - дийцина, шен хан яьккхина, араваьллачу Буйницкийс.

Цо дийцарехь, Гезгамашин-беттан 2-чу дийнахь адвокатна хьайна оьшуш вац ала аьлла, тIедожийра цунна. Нагахь, аьлларг ца дахь Читахь набахтехь хан токхуш волчу кхьунан вешина ницкъбийр бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

ХIара реза ца хилча, юха а етта буьйлебеллера. Кхуьнга дуьхьало ца яйта, хIара дIа а вихкина. Куьйгаш скотчца, когаш доьхканца.

"Жаннаш тIе, гай тIе мийрашца а, гIожмашца а еттара суна. ЦIеххьана цхьа чIогIа лазар хааделира суна, жаннаш долчу меттигехь. Бода беара сан бIаьргаш чу. Ас боху: "аша цхьаъ эккхийтина сан". Цул тIаьхьа жимма меттавеара. Со хьала а айбина, чIенигех дубинка туьйхира суна Чичинина, кхи ас хьох пIелг хьакхор бац олуш. Ша кху чу валор ву хьо, амма хьуна еттар ю кхечу тутмакхаша бахара цо соьга", - дагалоьцу Буйницкийс.

Йиттинчул тIаьхьа могушалла галъяьллера цуьнан, набахтин лоьраша дарбан цIийне хьажийра иза. Цигахь аьрру агIор хилла жин дIабаьккхира цуьнан. Лоьраша аьлла хиллера цуьнга, кхи а эхасахьтехь шайна тIе ца валош хьевинехь, шайн хьуна дан г1о хир дацара аьлла.

Оцу дарбан цIийнехь болх беш кхуьнан ненан дика доттагI хиллера, цо дIахаийтинера Буйницкийн дега-нене долчу хьолах.

Буйницкийс а санна, изза мукIарло дина хиллера Чичининна дуьхьал ИК-33 чохь хан йоккхуш хиллачу Гобозов цIе йолчу тутмакхо.

Тутмакхаш кагбан гIерташ, йиттина ца Iара боху Буйницкийс набахтин белхахой.

"ЕПКТ чуьра хьал хьангга а лалур долуш дац. Масала, музыкан центр ю дIалаьтташ. Стаг велча лоькху зурма хIоттайо цара. Дийно сарралц лоькхуьйту и. "Бременские музыканты" хIотто а тарло, делахь а, хьо хьеравоккху цу мукъамаша. Адамийн психологи ишта хIаллакйо цигахь", - дуьйцу Буйницкийс.

"Масала, Iаьнан хенахь арахь 30 градус шело лаьттачу заманчохь, бетонан лаьтта тIера ло дIадоккхуьйту хьоьга. ТIергIан пазаташ ю хьан Iай юху, амма хьуна юткъа пазаташ ло. Аьхкенан мачаш а йохуьйту кога. Ло дIадоккху ахь, царна хаьа хьан когаш гIорийна хан. Т1аккха хьо чу а вуьгий, когаш берзина а бохий, шайн мачашца хьан когаш тIе мийра бетта цара. БIаьргех хи даллал лазаме хIума ду иза", - дагалоьцу хиллачу тутмакхо.

Ша дарбан цIийнехь Iуьллучу заманчохь Талламан комитете арз динера Буйницкийс. ТIаккха кхуьнца берта ваха гIоьртира Чичинин. Цигаьркаш кхийдош, чай дала гIерташ. Шен машен дIа а йохкий, духалург ахча лур ду ша а баьхнера.

Кеста Хакасехь кхи а цу кепара кхелан процесс йолалур ю. Шайна тIехь Iазапаш лелийна аьлла, кхеле велла цигарчу тутмакхаша кхи а регионерчу ФСИН-ан кхо белхахо.

Кху артиклах алсам деша таро ю Сибирь.Реалии проектан сайт тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG