ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел йина 37 стаг вийна СаIудийн пачхьалкхехь


СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх. Вен кхел яр кхучуш дар.
СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх. Вен кхел яр кхучуш дар.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь кхелаша бехке вина 37 стаг вийна шинарин дийнахь, Оханан-беттан 23-хь. Цунах лаьцна хаам бо CNN телекомпанино, СаIудийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан тIе а тевжаш.

Кхеле озийнарш бехке бина "динан бух тIехь девнаш кхоллар Iалашонца эксремистийн терроран идеологеш яржорна" а, ткъа иштта "терроран тобанаш кхолла гIортарна" а, аьлла ду Iедалша бинчу официалан хаамехь.

Дийцарехь, кхелан сацамаш кхочуш бина мехкан тайп-тайпанчу регионашкахь. Байинчарна юкъахь ву лаххара а 33 шиIат. Царах 11 лаьцнера 2013-чу шарахь, ГIажарийчоьнехьа шпионаж лелорна, хаам бина Human Rights Watch дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло. Бисинарш дакъалоцуш хилла СаIудийн Iедалшна дуьхьал 2012-чу шарахь хиллачу акцешкахь.

Шинарин дийнахь хиллар а лаьрча, кху шарахь СаIудийн пачхьалкхехь кхелан сацамашца байинчу нехан терахь ду 146 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG