ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоь денъярна" Путинна баркалла аьлла Даудовс


Даудов Мохьмад.

Нохчийчуьрчу парламентан гIантдас Даудов Мохьмада Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна хьалха къамел дина низамаш дохучу органийн куьйгалхойн Петарбухехь хиллачу кхеташонехь. Цо баркалла аьлла мехкан куьйгалхочун "республика денъярна".

"Ахь динарг а, Владимир Владимирович, Нохчийн Республикан хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмад-хьаьжас динарг а бахьана долуш тхан республика уггаре хаза а, кхерамза а регион а хилла дIахIоьттина", - аьлла Даудовс.

Нохчийн бIешарашкахь дуьйна Iедал ду шайна дина дика диц ца деш а, иза дарна мел хан яларх реза хуьлуш а, аьлла Нохчийчоьнан парламентан спикеро.

Даудовс дина къамел хьажийна дара Нохчийчоьно демографица боьзна кхиамаш бахарна а, контртерроран раж дIаяьккхина 10 шо кхачарна а, республикерчу экономикан хьолана а.

Путин Владимира билгалдаьккхира Нохчийчохь дукха а бераш деш хилар а, цигахь тесна дитина бобераш ца хилар а.

XS
SM
MD
LG