ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь ламаз ца дайтар низамехь доцуш лерина Нохчийчуьрчу кхело


Красноярскера колони. Гайтаман сурт.
Красноярскера колони. Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштарчу кхело низамехь доцуш лерина Красноярскерчу номер 17 йолчу колонехь (ИК-17) тутмакхе Битаев Сулиме гIуданан изоляторехь цкъа 5, юха 7 де даккхийтар а, ткъа иштта цхьаннан камери чохь 6 бутт баккхийтар а.

Битаевн дехарца суьдан сацам байтинарг ю "Общественный вердикт" фонд. Тутмакхо латкъам бинера ИК-17 колонехь шеца харцо лелийна аьлла.

Соьлж-ГIаларчу кхело бинчу сацамца, хьалхара таIзар Битаевна дина хилла Iуьйранна дегI меттахдаккху хан цо ламаз деш яьккхина хиларна. Колонин раж йохийна хилар ца карийна кхелана, Оьрсийчоьнан Конституцино Далла гIуллакх дан цунна юхаяккха йиш йоцу бакъо луш хиларна. ТIехула тIе 5 де гIуданан изоляторехь даккхийтар дукха льура таIзар а лаьрра суьдхоша.

ШолгIа таIзар дина хилла нохчийн тумакхна камери чохь цIано ца ярна. "Общественный вердикт" фондо бинчу хаамца, колонин хьаькамо таIзар кхайкхийна хилла Битаевна, ша цу дийнахь балхахь воццушехь. ИК-17 колонин аьтто ца баьлла шайн хьаькам цу дийнахь балхахь хилла хилар тIечIагIдан.

КхоалгIа таIзар дина хилла Битаевна, дIавуьжу хан тIекхача 12 минот а йолуш, маьнгана тIе охьахаарна. Кхело кхетийна тутмакхо динарг "дIавижа кечвалар хилар", раж йохор а доцуш.

Цу кепара Битаевга гIуданан изоляторехь а, цхьаннан камери чохь а хан яккхийтар низамехь доцуш лерина Нохчийчуьрчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG