ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинахой мотт лелорах низам тIеэцна Лаккхарчу Радо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Украинин Лаккхарчу Радо шолгIачу ешарехь тIеэцна "Украинахойн мотт пачхьалкхан санна леларх" лаьцначу низаман проект. Цу проектехьа кхаж тесна 278 депутато, оьшуш 226 кхаж а болуш. Украинин президенто Порошенко Петрос хьалхо дIахьедар динера, цу низаман проектана тIе куьг таIор ду ша аьлла.

Керлчу низамца а догIуш, украинахойн мотт цхьаъ бен хир бац махкахь пачхьалкхан мотт, ткъа цунна дуьхьал болу нах жоьпе озо догIуш ду.

Украинин Конституцица украинахойн мотт пачхьалкхан бу. Цуьнца цхьаьна Iедал ларбан жоьпаллехь ду оьрсийн а, кхечу цу махкахь дехачу къаьмнийн а меттанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG