ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь толлуш ду актерана полицехь еттар


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIаларчу Лермонтовн цIарах йолчу театран актеро Дебишев Тимура полицехь шена ницкъ бина хиларх лаьцна бина латкъам толлуш бу Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло. Цуьнан векалша бакъонашларъярхошка бинчу хаамца, хилларг талла долийна къаьсттина ладаме долу гIуллакхаш толлучу тобано карахь болу Оханан-бутт болалуш.

Кхушеран Дечкен-баттахь хиинера Талламан комитет талла лууш ца хилар полисхоша Дебишевна ницкъ бар. И бахьана долуш бакъонашларъярхоша гIо дехнера актеро.

27 шо долчу жимчу стага дийцарехь, стохка аьхка тIаьхьабевлира цунна полисхой. Кхунна евзачу йоIах хеттарш динера кхуьнга. Ницкъахойн версица, наркотикаш юхкуш ю аьлла, шеконашка эцна хиллера цара и йоI, ткъа цуьнан телефон чохь кхуьнан лоьмар карийчхьана, хеттарш дан буьйлабеллера Дебишевга. Актер харцо лело реза ца хилча, цунна, ток а лелош, йиттина хиллера полицин белхахоша.

Дебишев лоьрашна тIеваханера, ша дIахецарца, ткъа царна ларш карийнера цунна йиттина хиларан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG