ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIадига йиш яц дита


"Кавказ.Реалиин" корреспондент хилира немцойн "Югендамт" олучу, къаьсттина кавказхой кхоьручу берийн бакъонийн гIаролхойн цхьахйолчу декъан хIусамехь.

please wait

No media source currently available

0:00 0:07:14 0:00
Линкана тIе

Берлинан кIоштарчу магистратуран дийцарш дIахьочу хIусамчохь паргIат ду. Берашна тIехь Iуналла латточу пачхьалкхан Югендамт (Jugendamt) олучу организацин ши белхахо а кечамаш беш ю рогIерчу доьзалан гIуллакх листа. Телефон чохь хан йойуш го, къамел гочдан валийнарг а.

42 шо долу Нохчийчуьра Австри кхаьчна Асуева Зарема ю хIинцца схьакхача езаш шен берашца.

"Тахана дуьххьара цхьанакхетар ду тхан, – дуьйцу Югендамтан Штефан цIе йолчу белхахочо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте. – Полицера сигнал кхаьчна тхоьга, цундела ненаца а, берашца а къамел дан дохку тхо, берашна кхерам буй-те зуьйш".

Штефана дийцарехь, ши кIира хьалха АсуевгIеран хIусамехь цхьа скандал иккхина. Зудчун а, хIусамден а дов даьлла, оцу тIехула майрчо йиттина хIусамнанна.

Полици кхайкхина хилла зудчо, цул тIаьхьа ший а лаьцна дIадигина хиллера полицин декъе. Цигахь берийн нанас латкъамаш бина хилла, кест-кеста етта шена берийн дас, цуьнгахьарчу Iазапех ша яккхахьара аш аьлла.

Масех де даьллачул тIаьхьа полицино дихкина хIусамдена зудчунна герга ваха а, шен берашца иза ехачу хIусаман неIсагIех вала а.

Хьенан неI етта Югендамто

Немцойн Iедалшца а догIуш, хьехархой а, берашца болх бечу муьлхачу хьукматан белхахой а декхаре бу, нагахь берашна тIехь къизалла лелош меттиг хаалахь, Югендамте информаци дIакхачо.

Масала, нагахь бер школе дегIа тIехь Iаьржа таммагIаш долуш, йа наб тоанза, йа беркъачу духарца деана, йа агрессица хаалахь.

Терго йо беран ишта, нагахь тийна-тапъаьлла иза делахь а, могушаллина арз цо дахь а, цIахь бан беллачу балхаца ларош дацахь а. Ден-ненан бала боцуш санна туьду цара и хьал.

ТIехьожучу органаша талламаш болабо, нагахь лакхахь хьахийначех шайга информаци кхачахь. АсуевгIеран доьзалехь санна, боьлхий гIуллакх толлу цара, хеттарш до берийн хьехархошка, лулахошка, дега-нене, шайга берашка а цхьана. Доьзалехь ницкъбеш хилар тIечIагдахь, Югендамтан белхахоша, полисхой а, берийн психологаш а улло а бохий, доьзалшкара бераш дIадоху.

"Цкъа хьалха бераш тхайн организацин бюро дIадуьгу оха, йа лерина царна кечйинчу юкъараIойле. Нагахь и бер кхо шо а кхачанза делахь, оццу дийннехь оха тхайн базехь билгалбаьхначу кхечу доьзалшка дIало уьш ханна лелон. Цхьана кIиранера 8 кIиране кхаччалц бохург санна леладо цара и бераш. И бохург хIун ду, оццул хан оьшу тхуна хьал зен: гIоле ду и бераш шайн бакъболчу дега, нене дIадалар, йа керлачу доьзалехь дита догIу.

Амма дукха хьолахь, юкъарчу хIусамехь дIатардо оха бераш. Цигахь социлан белхахойн а, психологийн Iуналлехь хуьлу уьш", - дийцира Штефана.

Шайн балхах лаьцна гонах дуьйцуш дуккха а кеп-кепара мифаш а, кхераме хабарш делахь а, ма-дарра аьлча, оцу организацин коьрта Iалашо - берашна токхо латтор ю, ткъа и токхо хуьлийла дац шен доьзалехь бен элира Штефана.

"Цундела и бер дегара, ненера схьадаккха интерес яц тхан, интерес ю тхан, оцу доьзалера бер схьадаккха хIуьтту бахьанаш дIадахар", - боху цо.

Къиза майра, амма берашна дика да.

Оцу юкъанна схьакхочу Асуева Зарема а шен 14 шо долчу йоIаца а, 8, 9 шераш долчу шина кIантаца а. Горгачу стоьлан гонах охьаховшу бераш цхьа эсала. Стоьл тIехь лаьтташ стоьмаш, марзолгаш, хиш ду. Юучух кхета олу Югендамтан белхахочо, амма цхьа а тIе ца кховду.

Штефана а, цуьнан коллегас а доьху Зареме шена а, цIийндена а юкъахь хиллачух дийцар. Зудчо дуьйцу, кест-кеста шен цIийнда шех летарх, иза моха йогIуш хиларх а, шен нах цо лоруш бацарх а.

Амма боху цо, бераш Iаламат дукха деза цунна, церан дола а дора цо. Кхелан сацамца сан цIенна герга ван цунна дихкинчул тIаьхьа, нейтрале территори тIехь шен берашца марзо оьцу цо боху Заремас.

"Со дуьхьал яц. Вон майра иза хиларх, берашна ледара да вара бохург ма дац", - боху цо.

Бакъду, берийн деца берта яха дагахь яц Зарема хIинца а, кхеле кехат чуделла цо, шена гергавар майрчунна кхи а эхашарна дIадахдар доьхуш.

Ден а, ненан а барт ийгIича, хьоьгахь муха хьал лаьтта аьлла, шега хаьтиича: "Тхо долчахь цкъа а ца летара тхан да ненах. Даим а тIе мохь хьоькху цо, стресс ю сан ден, цундела ду иза", - дуьйцу 14 шо долчу Иман цIе йолчу церан йоIа.

Малхбузехь Къилбаседа Кавказерчу бахархойн доьзалш бохаран коьрта бахьанаш ду – стрессаш, даймахкахь тIеман шерашкахь лайна Iазапаш, халонаш, керлачу меттигехь Iиттало адаптацин халонаш а. ТIеман халонаш а, Iедало хьийзор а лайначу доьзалшна хала ду хийрачу махкахь маьршачу дахаре берза. Бан болх цахилар, мотт цахаар, хилла чевнаш бахьана долуш и мотт Iамо ницкъ цатоъна меттигаш а нисло, социалехь контакт цахиларо а валаво конфликте. Ткъа оцу барт бохаран тешаш хуьлу бераш.

"Ма хьеха тхуна, муха даха деза. Цул а ахчанца гIо дейша"

ТIаьххьарчу заманчохь Iаламат дукха бу Къилбаседа Кавказерчу доьзалшкара бераш схьадаьхна меттигаш. Бу царлахь Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а схьабевлла нах, оьрсий ца бийцича а.

Ма-дарра статистикан терахьаш хууш дац, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказан регионашкара баьхкина мухIажирш Европехь Оьрсийчоьнан бахархой санна дIаязбо.

Нохчийн диаспорашка сих-сихха хаамаш кхочу, Югендамтах Iиттабелла, гIо доьхучу дайшкара, наношкара. Даим а бохург санна, ахчанца гIо хуьлу цара доьхург, лаьцначу адвокате кховдо а, шаьш лаьцначу петарх дала а олий.

Масала, ши кIира хьалха Австрехь дIатарвелла вехачу цхьана нохчийн жимчу стага шен махкахошка видеокхайкхам баржийра, чохь ваха петарх дIадала ахча доьхуш. Цо дийцарехь, Югендамтан белхахоша бераш дIадаьхна цуьнгара, чохь Iачу хIусамах дала ахча дац аьлла.

Ша петар ма-лецци, пачхьалкхо бераш схьалур ду шена аьлла хета цунна. Бакъду, хIусам цахилар - бахьана дац бераш схьадаха. ТIаьхьа гучу ма доллура, кхи а цхьа бонг проблемаш хуьлу цигахь.

Таро йоцчу нахана санна, Iедало хIусамах дала а, хене вала а луш долу ахча тоаме хила декхар дара царна, амма леррина ситуацин терго йича гучудолу, дайшна-наношна кхачош долу социалан гIо берийн хьашташна хьажош цахилар. Хьолаллина, йа цхьа шайн марзделлачунна духкуш хилар гучудолу.

Нисло, болх беш боцу дай маларе боьрзуш, йа ахчанах ловза буьйлало, доллу жоьпалла берийн нанна тIехь а дуьтуш.

Оьрсийчоьнан диаспорашлахь лелаш цхьа дог шелден легендаш ду, берашна тIехь Iуналла латточу органан белхахой бехк-гунахь боцчу нехан хIусамаш чу а лелхаш, гуш бахьана а доцуш, бераш дIалехьош бу бохуш.

Масала, Австрехь меттигерчу бахархошлахь болчу цхьана осалчу жигархоша а гIо дира, цу кепара доцург даржорехь.

Ишта, масех шо хьалха, цхьахволчу жигархочо дайшлахь а, наношлахь а дийца даьккхира, Югендамтан белхахоша дIадохуш ду нохчийн бераш, хIунда аьлча, церан "стигалан басахь бIаьргаш а, уьш кIайчу аматехь а бу" бохуш. Ткъа, цара дийцарехь, бераш доцчу меттигерчу доьзалша доггахь тIеоьцу ишта бераш.

Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу регионашкара доьзалш оьхучу берашна леринчу дешаран центрехь болх беш хиллера и долийна зуда ша.

Центр кхио, шоръян Iалашонца Iедало хьажон ахча даарна бехке а йина, тIаьхьо таIзар дира цунна.

Амма цо тIаьхьадитина эладиттанаш Оьрсийчуьра бахкинчу, дIааьллачух тешаш болчу дуккхаъчийн коьртехь дисина.

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Мамсуров Аслан

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG