ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шри-Ланка: лаьцна шина Iожалхочун да миллиардер ИбраьхIим Мохьмад


Шри-Ланка -- Оханан-беттан 21-хь эккхийтар дина Негомбора килс.
Шри-Ланка -- Оханан-беттан 21-хь эккхийтар дина Негомбора килс.

Шри-Ланкан Iедалша лаьцна кху беттан 21-хь лелхийтарш динчу шина Iожалхочун да меттигера миллиардер ИбраьхIим Мохьмад. Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, полицина векална тIе а тевжаш.

Бизнесхочун бехке дуьллуш ду террорхошна гIо дина хила мега бохург. Полицин векло дийцарехь, ИбраьхIиман доьзал а лаьцна хила мегаш бу.

Дуккха адамаш а дойуш, керста наха Пасха даздечу католикийн кхаа килсехь а, пачхьалкхан Коломбо олучу шахьарерчу хьешан хIусамашкахь а, гIалина чувуллучохь а бомбанаш лелхийтира террорхоша.

Беллачарна юкъахь бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой а.

Кхаарин дийнахь Шри-Ланкан парламентехь хаам баьржира Индин лерринчу сервисан белхахоша варе бина хилла шайн Шри-Ланкара коллегаш, теракт ян мегаш хиларх лаьцна аьлла. Амма ницкъаллийн структурийн куьйгалхоша тергал ца деш дитина хилла иза.

Шри-Ланкан премьер-министро дIахьедар дина, шайга цу хьокъехь цхьа а хаам кхаьчна бацар аьлла.

Теракташ шайна тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобан декъашхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG