Iамеркан Iедалша дихкина шайн махка ван Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна Шабазова Сапиятна а, церан юххерчу гергарчу нахана а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь.
Iамеркан Iедалхоша чIагIдо, шайгахь билггал тоьшаллаш хиларх лаьцна, Хучиев адамашна ницкъ барна декъах хиларан. Пачхьалкхан департаменто кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош болу нах берш а жоьпе озабе аьлла.
Хучиев Муслим Нохчийчоьнан Iедалан коьртехь ву 2018-чу шеран Мангалан-баттахь дуьйна. Цул хьалха иза вара Соьлж-ГIалан мэр а 3 шарахь, Нохчийччуьрчу Iедалехь министр а, Москох журналист а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ