ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров цецваьлла вац Хучиевна Iамерке вар дехкарна


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

"Iамеркан Пачхьалкхан департаменто рогIера забар кхоьллина, Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна а махка дитар дихкина шаьш аьлла дуьнене хаам а бина. Гарехь, Пачхьалкхан департаментан кхин Iалашо а, халонаш а яц кхочуш еш къахьега оьшуш, Нохчийчоьнан премьер а, цуьнан хIусамнана а юьхьарлаьцна лелар а бен", - дIахьедар дина Кадыровс.

Делахь а ша цецваьлла вац, боху Кадыровс, Хичиевна Iамерке вар дехкарна. Хьалха цара шен говрана а кхайкхийнера санкцеш, бохуш ву иза.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Iамеркан Iедалша дихкина шайн махка ван Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна Шабазова Сапиятна а, церан юххерчу гергарчу нахана а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь.

Iамеркан Iедалхоша чIагIдо, шайгахь билггал тоьшаллаш хиларх лаьцна, Хучиев адамашна ницкъ барна декъах хиларан. Пачхьалкхан департаменто кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош болу нах берш а жоьпе озабе аьлла.

Хучиев Муслим Нохчийчоьнан Iедалан коьртехь ву 2018-чу шеран Мангалан-баттахь дуьйна. Цул хьалха иза вара Соьлж-ГIалан мэр а 3 шарахь, Нохчийччуьрчу Iедалехь министр а, Москох журналист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG