ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Акха дивизина" хьажийна эсаллан комплекс кхуллур ю Соьлж-ГIалахь


"Акха дивизина" хьажийна скульптура схьаллина Соьлж-ГIалахь 2015-чу шарахь, ГIадужу-беттан 5-чохь. 

Оьрсийн империн армин дошлойн дакъа хиллачу "Акха дивизина" хьажийна йоккха эсаллан комплекс кхуллур ю Соьлж-ГIалин юккъехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, дуьйцу "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цо дийцарехь, цу хIолламна тIехь болх беш бу бевзаш болу скульпторш.

Кадыровс чIагIдарехь, комплес кхолларан белхаш дIаберзор бу ГIадужу-беттан 5-чохь даздеш долу Соьлж-ГIалан де тIекхачале.

"Акха дивизехь" тIеман гIуллакх деш ца хилла Къилбаседа Кавказера бахархой а бен. Цу юкъахь хиллачу нахана хьажийна хIоллам скульптура схьайиллира Соьлж-ГIалахь 4 шо хьалха, 2015-чу шарахь, ГIадужу-беттан 5-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG