10 эзар сов вахархо ву Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, диттина гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дозанаш диттина церан дIасабахарна. Цунах лаьцна хаам бина цу урхаллан векало Геримсултанов Заура, журналисташна хьалха вистхуьулш.
Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца делла, я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар.
Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!