ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Книгаш ларъяр - ша Iалашвар ду


ХIаллакхиллачу Соьлжа-ГIалахь библиотекера книгаш кIелхьарйохучу зудчух лаьцна кино йоккхуш ю Ставрополехь

"Нохчийчоь. 1995 шо. Грозный", - оцу дешнашца долийна Шахманская Тамарин сценари тIехь Ставрополехь тIамна дуьхьал йоцца кино яккхар. Бакъдолчун бух тIехь язйина "Библиотекарь" аьлла сценари.

Юьхьанца гуш дерг лартIахь доцург санна го, амма мухха делахь а, Iаткъаме ду тIамна дуьхьал айдинарг.

"Кхин а тIамах лаьцна" аьлла, йолийначу киноальманаха юккъера дуьххьара фильм ю хIара аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" корреспонденте Шахманскаяс.

ТIамо харцийначу республикехь Соьлжа-ГIаларчу цхьана яхархочо книгаш кIелхьарйоху истори ю официалехь "Библиотекарь" цIе йолчу кинон сюжетехь юьйцург. Шеца йолу адамалла Iалашъян гIерта и зуда, ша ловш йолу халонаш тергал ца еш.

Гонах лаьтташ, цуьнга хьоьжучарна иза хьекъалх эшна хета, делахь а цхьа стаг волу царлахь, цунах кхеташ, цуьнан гIо лаьцна, цунна тешам луш.

ТIамехь дакъалаьцна эскархо хуьлу иза. Оцу зудчо некъа йистехь кхоьллинчу библиотекан хьесапехь хIусаме а воьду иза, ешархо санна. Карти тIехь "Салти" олий, дIа а язво иза оцу зудчо.

Кинон режиссер ву Пересыпкин Евгений, фильмехь коьрта турпалхочун васт гойтуш ю цуьнан хIусамнана Юлия.

Коьрта турпалхо Пересыпкина Юлия
Коьрта турпалхо Пересыпкина Юлия

"Кавказ.Реалии" портале артиста дийцина, шен турплахочун вастах дIауьйш, ша болх бечу заманчохь шен хиллачу ойланех.

"Актеран керла болх болочу хенахь, шен керла персонаж йовза иза волавалар - оцу процессан уггар а экаме, карзахе дакъа ду. Куьзгана санна, цхьа меллаша тIе а воьдий, чухьоьжу хьо, терго йо ахь, шаьшиннан цхьаьна йогIу цхьа юкъара "лазаме агIонаш" лоьху ахь. Нагахь хьан амал цуьнан амалца, вастца хьакхалуш елахь, тIаккха оцу турпалхочунна чу са кхолла ницкъ хуьлу хьан", - дуьйцу Юлияс.

Цо дийцарехь, ша ловзочу турпалхочуьнга боккха ларам бу цуьнан.

"Оцу зудчун сих дIа а ийна, цуьнца цхьана сайн дахаран цхьа боца мур дIабахьа дезаш ю со. Со йоккхае, сан турпалхо доьналла долуш хиларна а, шена безачу, ша хаьржинчу балхахь иза хиларна а. Оцу ша лелочуьнга болчу безамо ницкъ белла цунна шена тIехIиттинчу ирчачу зерашкахула чекхъяла", - тешна ю Юлия.

Артиста бахарехь, библиотекан белхахочо къонахаллица лайна дахарехь шена тIехIиттина халонаш.

"Уггар а цIеначу шаьлтан гIад санна яхчаелла иза. Геч а дина цо. Цул тIаьхьа дахарехь кхи дIа а чекхъяьлла иза. ХIуъа а хиларх а, дахар дIа ма доьду. Бакъду, дог диллина халонех иза чекхъялар бахьана долуш, кхачайо иза керлачу ницкъан, хазаллин лакхене", - тешна ю Пересыпкина.

Оцу фильман оператор санна юкъавалийна Пересыпкинан кIант Ярослав. Кино йоккхучара билгалдаккхарехь, съемкаш дIаяхьа ахча дац, цундела и филм халкъан ю – йоллу группа маьхза къахьоьгуш ю цу тIехь.

ХIетте а, "Библиотекана" тIехь бечу балхо са ца лахь а, цу тIехь къахьоьгуш схьавогIу ткъех сов стаг. Бу царлахь Ставрополан администрацин белхахой а цхьана. ХIунда?

"ХIара дуьххьара болх Iаламат мехала бу суна, хIунда аьлча, кхул хьалха цхьа пайден йоцу роликаш йохура ас – ловзаршкара, рекламан роликаш кечйора, мастер-классаш а. Бакъду, ас дозалла деш кхи цхьа видео а ю сан, ООН-о дIахьочу конкурсна лерина кечйинера ас иза. Цхьана сахьтехь яьккхинера иза а, монтаж еш дайира ас цхьа сахьт. Ткъа кхузахь дерриг а ладаме ду. Йоллу ойла а, ницкъ а кху процессна тIебахийтар коьрта ду суна", - дуьйцу Ярослава.

Кхе беттан 26-чу дийне кхачале фильм яьккхина бовла дагахь бу авторш, цул тIаьхьа фестивале яхьийта Iалашо ю шайн кино, хьовсархошка а, компетенте жюрига а мах хадабайта шаьш бинчу белхан.

"Тхуна интересе ду, тIамна дуьхьал оха динчу дIахьедарх кхетар буй-те хьовсархой", - саготта ю "Библиотека" фильман директор Шахрай Дарья.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG