ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров гIо дан кийча ву лецна болчу оппозиционерашна


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека ша гIо дийр ду аьлла лецна болчу Магасерчу дуьхьалонан акцийн декъашхошна, нагахь цара, дохко а бевлла, Кхерамазаллин кхеташоне дехар дахь. Цунах лаьцна хаам бо "Мемориало".

Евкуровс бинчу хаамца, верриг а административан жоьпалле озийна ву 70 гергга стаг.

Маршо Радионо хьалха а хаам бина ма хиллара, Зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира республикерчу референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш, доьхкуш ду Нохчийчоьнца долу административан доза хийцар хьокъехь референдумаш яр.

ШолгIачу дийнахь Iуьйранна тасадаларш хилира, Iедало елла бакъо а йоцуш, цу майданахь буьйса йоккхуш бисина хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а.

Цу къепедацаршкахь дакъалаьцначу нахана дуьхьал схьадиллина ду маситта бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG