ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман базехь маьждиг а, килс а йийр ю Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчохь цхьана майданехь маьждиг а, православин килс ян дагахь ду шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Дакъалоцуш Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а волуш, "46-чу къаьстина оперативан бригадан территори тIехь дезачу хьолехь маьждиган а, православин килсан а бух буьллуш капсулаш ехкина" шаьш аьлла, яздина цо "ВКонтакте" социалан машанехь.

Маьждиго цIе лелор ю Советан пачхьалкхан турпалхочун Висаитов Мовладан, ткъа килс хир ю Москох элан Даниилан сийна хьажийна.

Ши а объект цхьатерра барамаш болуш хир ю - 16 метр еха а, 12 метр шуьйра а, 25 метр лекха а. Цу шинна юкъахь хир ю парк.

Цу гIишлойн комплекс схьайоьллур ю тIедогIучу 2020-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь. Цу гIуллакхана ахча лур ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх йолчу фондо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG