ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа де - цхьа де ах де санна" низамехула маьршаваьлла 10 000 стаг


Оьрсийчоь -- ИК №8 колони, Новосибирскан кIошт.
Оьрсийчоь -- ИК №8 колони, Новосибирскан кIошт.

Талламан изоляторехь даьккхина цхьа де колонехь даьккхина цхьа де ах де санна ларарца доьзна низам болх бан доладеллачу цхьана шарахь цуьнца колонешкара маьршаваьлла 10 эзар сов стаг. Цунах лаьцна хаам бина ТаIзарш кхочушдон Оьрсийчоьнан федералан сервисо.

Цуьнан векалша чIагIдарехь, цу низамо набахтешкахь яккха тоьхна хан лахйина 100 гергга стагана. ФСИН-о билгалдаккхарехь, талламан изолятрехь яьккхина хан ларарца боьзна барамаш тидаме оьцур бу тIейогIучу хенахь кхелаша сацамаш беш.

Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексна тIехь хийцамаш барх лаьцна низаман проект тIеийцира 2018-чу шарахь Товбецан-баттахь. Цуьнца а догIуш, СИЗО-хь яьккхина хан цхьа де ах де санна лорур ю юккъерчу рожан колонехь, ши де санна лорур ю колонехь-поселенехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG