ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно жоп лур ду Хучиевна санкцеш кхайкхорна


Хучиев Муслим.
Хучиев Муслим.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло бехке йина Вашингтон, Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочун Хучиев Муслимана санкцеш а кхайкхийна, Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигаш талхо гIертарна.

Нохчийн Республикан Iедалан куьйгалхо бехке веш ву Iамерко адамийн бакъонаш талхорна. И бахьана долуш цунна шайн махка вар дихкина Iамерко. Оьрсийчоьно дипломатин министралло къаьсттина билгалдоккхуш ду, Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийна санкцеш Хучиевн хIусамненах а хьакхалуш хилар.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, Iамерко Хучиевна санкцеш кхайкхор жоп доцуш дуьтур дац ша аьлла.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Iамеркан Iедалша дихкина шайн махка ван Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна Шабазова Сапиятна а, церан юххерчу гергарчу нахана а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь.

Iамеркан Iедалхоша чIагIдо, шайгахь билггал тоьшаллаш хиларх лаьцна, Хучиев адамашна ницкъ барна декъах хиларан. Пачхьалкхан департаменто кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош болу нах берш а жоьпе озабе аьлла.

Хучиев Муслим Нохчийчоьнан Iедалан коьртехь ву 2018-чу шеран Мангалан-баттахь дуьйна. Цул хьалха иза вара Соьлж-ГIалан мэр а 3 шарахь, Нохчийччуьрчу Iедалехь министр а, Москох журналист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG