ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев волчу колонехь хилла бакъонашларъярхой


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Оьрсийчуьра адамийн бакъонашларъярхой хилла "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб латточу Устрада гIаларчу №3 колония-поселениехь. Цара дийцарехь, Титиев ледарчу хьелашкахь а вац, могушалла дика йолуш а ву. Цунах лаьцна "Новая газете" хаам бина бакъонашларъярхочо Орлов Олега.

Чувоьллинарг латто хьелаш вон ду ала догIуш дац. Орловс дийцарехь, Титиев цхьана а кепара латкъамаш беш вацара, кIадвелла васт долуш хиллехь а. Хенал хьалха араваларе сатуьйсуш ву ша, бохуш а хилла Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо.

Кхушара Зазадоккху-беттан 18-хь Шеларчу кхело 4 шо хан туьйхира Титиевна колонехь (колония-поселение) даккха, цо талламан изоляторехь яьккхина хан чоьте а оьцуш (хIора де цхьа де ах де а лоруш). "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке вина наркотикаш лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG