ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь кечбийр бу космонавташ


Лерринчу эскаран тобан (спецназ) Гуьмсерчу университетан дешархой. Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран тобан (спецназ) Гуьмсерчу университето (РУС) космонавташ хила лууш болу нах кечбан болийна, хаам бо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зорбан-секретаро Каримов Iаьльвис.

Дуьххьарлерчу долахь долчу космосан кеманнна тIехь космосе гIур бу уьш, Бутт талларехула йолу керла программа кхочуш еш, чIагIдо цо.

"Космонавташ Бутт тӀе а бахана охьаховшур бу цуьнан гуш йоцчу агIон тIе. Цигахь хин йолчу космосан экспедицийн декъашхой тIеэца а, баха а база кхолла меттиг къастор ю цара. Кандидатийн цIерш йовзуьйтуш яц. Гуьмсерчу университетан куьйгалхочо Мартынов Даниила бинчу хаамца, станцин экипаж тIежагIйинчул тIаьхьа йохур ю космонавтийн цIерш", - дуьйцу Керимовс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG