ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вологдерчу колонера араяьлла Караулова


Караулова Варвара.
Караулова Варвара.

"Исламан пачхьалкх" тобано Iуналла дечу территорина тIекхача дагахь цIераяьлла аьлла чуйоьллина Москох пачхьалкхан университетан студент хилла Караулова Варвара араяьлла Вологдерчу колонера Оханан-беттан 27-чу Iуьйранна.

Цунах лаьцна хаам бо "МБХ медиа" зорбанан гIирсо. ХIара бутт юккъе болуш, колонин администраци дуьхьал йоллушехь, кхел реза хилира иза хенал хьалха маьршаялийта.

Москварчу пачхьалкхан университетан философин факультетан хилла студент Караулова Варвара лецира 2015-чу шарахь Туркойчохь, Шема дехьаяла гIертачу заманчохь.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхочуьнга безам бахна хиларца дIаяха гIерташ хиллера иза аьллера йоьIан нанас. Изза тоьшалла дира кхелехь ша Варварас а. ЦIера ядар - шегара даьлла доккха гIалат ду аьлла, дарединера цо.

Караулова Варвара набахтехь яккха тоьхначу хенал а хьалха маьршаяккхар доьхуш, цуьнан адвокато чуделлачу дехарна жоп делла Вологодск гIалин кхело шоьтадийнахь аьлла, хаамбира адвокато Бадамшин Сергейс.

Кхело тIедожийна цунна, баттахь цкъа тIе а йогIуш, ша ехачу меттигера дIаса а ца йолуш хан яккха. Нагахь низамаш дохадахь, юха а декхаре йийр ю иза йисина хан набахтехь яккха, яздо ТАСС агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG