ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан паспорташ хьокъехь Путинна жоп делла Зеленскийс


Украинин президентан харжамашкахь толам баьккхина Зеленский Владимир.
Украинин президентан харжамашкахь толам баьккхина Зеленский Владимир.

Украинин президентан харжамашкахь толам баьккхинчу Зеленский Владимира шена хетарг довзийтина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Кремлехь дийцаре деш ду Украинин бахархошна Оьрсийчоьнан паспорташ даларх лаьцна хаттар аьлла дIахьедар дар бахьана долуш.

Политико хьехар дина Оьрсийчоьнан Iедалшна "эрна хан ма яйъа" аьлла, Украинин махкахой паспорташца хьего гIерташ.

Зеленскийс аьлла Украинин махкахойх цхьаберш хила а мега Оьрсийчоьнан пропагандо Iаткъам бина Iехабелла, амма оццу хенахь цо билгалдаьккхина, украинахошна вуно дика хууш хилар хIун ю Оьрсийчоьнан паспорт.

Зеленскийс ягарйина и паспорт долчу нехан "бакъонаш", шайна юкъахь машаран дуьхьалонан акцехь дакъалацарна лаьцна чуволлина хила йолу "бакъо" а, маьрша а, къовсаме а харжамаш цахилар а долуш. Цуьнца цхьаьна цо хаийтина ша Украинин махкалла лур хилар "маршонехьа къийсам дIабахьа кийча болучарна".

Зеленскийс ша кийча хилар хаийтина Оьрсийчоьнца "нормандин формате" дийцарш дIадахьа. Цо некъ кховдийна тIемаш буьйладелчхьана шина пачхьалкхехь лецна болу нах берш а хийца беза аьлла.

Украинин а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш лортIе йогIур яц "буьззинчу барамехь Донабасс а, ткъа иштта ГIирма а оккупацина кIелхьара яьлча а бен" аьлла Украинин хаьржина волчу президенто.

Хьалхо кху кIиранах Путина указ арахийцира, Украинин малхбалехь сепаратисташ дIалаьцначу территорешкахь байбинчу билламашца Оьрсийчоьнан паспорташ дала. И сацам вуно йоккхачу критикица тIеэцна Украино а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Ткъа пIераскана дийнахь Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар дира изза дан дар дийцаре деш ду шаьш берриг а Украинин бахархойн хьокъехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG