ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пасха даздеш бу православин керстанаш


Соьлж-ГIаларчу килсехь. Архивера сурт.
Соьлж-ГIаларчу килсехь. Архивера сурт.

Православин динехь болу керстанаш даздеш бу шайн коьрта дезаде – Пасха. Нохчийн республикехь йолчу ерриг а килсашкахь мозгIарша шайн динан Iадаташца дIабаьхьира шайн болх.

Пасха даздеш православин керстанийн Iедал ду шайн беллачийн кешнашна тIехIуьттуш.

"Нохчийн Республикехь дукха хенахь дуьйна бертахь бехаш бу тайп-тайпанчу къаьмнийн а, динийн а векалш. Православин дин лелочу нахана оьшуш долу дерриг а хьелаш кхоьллина токхе дахар хилийта а, маьрша дин лело а", - дIахьедар дина православин керстанаш Пасхаца декъалбинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Пасха символ ю жаӀарах дӀатоьхначул тIаьхьа кхоалгIачу дийнахь Iийса пайхамар денваларан. Православин керстанаша иза лору къа а, Iожалла а эшор санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG