ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо цуьнан гергарчара шайн долара ваьккхина


Нохчийн Iедалша информацин кампани дуьхьалъяьккхинчу блогеран Абдурахманов Тумсон гергарчара пIераскандийнахь Ищерскерчу маьждигехь рузбанна гулбеллачохь шайн долара ваьккхина иза. Ишта цара дIахьедина, нагахь иза цхьаммо вийна меттиг хилахь, шаьш чIир а хьейийр яц аьлла.

"Тхоьга бертаза дайтина хIара дIахьедар бохур ду цо кхана-лама, амма тхо тхайн лаамехь лелаш ду", - аьлла динчу дIахьедарехь.

Телеграм-каналерчу шен агIон тIехь Абдурахмановс зорбане яьккхина оршотдийнахь, гергарчара шайх ша дIахадош яьккхина видео. ТIехь ницкъ а бина, бертаза алийтина и дешнаш шен 84 шо долчу девешига а, шина дешичига а аьлла блогеро.

"Камера хьалха а хIиттийна, нуьцкъаша со долара ваккхийтина, нагахь со вехь а, шаьш чIир кхайкхор яц аьлла, тIе а чIагIдеш. И бохург ду, со вен бух кечбина кадыровхошна", - боху Абдурахмановс.

Карладоккху, тIаьххьарчу кIиранах Абдурахмановн видеошка хьоьжучара флешмоб йолийнера, балха тIехь, дешарехь нохчийн Iедалхоша шайн бакъонаш хьешарх дуьйцуш блогерна.

Доккхачу декъанна и хаамаш бара пачхьалкхан хьукматашкарчу белхахошкара а, студенташкара а, лакхарчу доьшийлийн хьехархошкара а. Цара хаамбора, шайгара ахчанаш дахарх, бертаза митингашка а, спортан барамашка а, субботникашка а хьийсорах а.

Абдурахманов Тумсо гоьваьлла блогер ву. Цуьнан роликашка хьовсу 400-500 эзар стаг. 2015-чу шарахь нохчий Iедалхошца конфликт иккхинчул тIаьхьа, вада дийзира цуьнан шен доьзалца Оьрсийчуьра. Нохчийчохь иза бехкево, Шемахь хилла бохуш. Блогеро чIагIдарехь, цунна дуьхьал даьккхина гIуллакх бух болуш дац. Карарчу заманчохь Полшехь политикан тховкIело яларе сатуьйсуш, оцу пачхьалкхехь веха иза.

Amnesty International организацино а хьалхо кхайкхамбира Полше, Абдурахманов дIацавалар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG