ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь вийна нохчо лаьтте верзийна Шалажехь


Нохчийчуьрчу Шалажехь лаьтте верзийна Зазадокху-беттан 28-чохь Лондонехь вийна 24 шо долу Висаитов Закир. Дахначу кIирананх Великобританера даймахка кхачийнера цуьнан дакъа.

"Кавказ.Реалиин" хьосташа дийцарехь, къона музыкант вийна хьалхе дуьйна барт а бина. 4-зза урс тоьхна хиллера цунна, цхьаъ дагах а кхеташ. Зуламхой лоьцучу операцехь пайдаэцнера полисхойн вертолеташа а. 20 гергга стаг лаьцнера оцу зуламна шеконашца. Царех дукхаберш тIаьхьа дIахийцира. Бехк хьарчийра 21 шо долчу Хьуссейн Камалах а, 18 шо долчу Ахьмад Йосифах а. Цкъачунна Британин полицино дуьйцуш дац, мича бахьанашца вийна и жимстаг.

Охан - беттан 2-чохь Маршо Радионо хаамбира, Лондонехь, Риджентс-паркна гергахь урс диттина вийна 24 шо долу нохчийн кIант Висаитов Закир аьлла.

Daily Mail газетано яздарехь, музыкант, Нохчийчуьра бер долчу хенахь дас-нанас дIавигина Висаитов вийна, цуьнгара 60 эзар стерлингийн фунташ мах болу сахьт схьадаккхархьама. Йолчу информацица, шиъ хилла тIелатар динарг. Зулам динчул тIаьхьа, луларчу маьждиг чохь тIера бедарш а хийцина, къайлавала ка яьлла цу шиннан.

Кхелахочо Пулет Ребека сацамбина, Висаитов верна бехкебина лецнарш чохь буьтуш кхелан процесс йолаяллалц. Дов хатта долор ду карарчу шеран Гезгамашин- баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG