ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен гергарчарна ФСБ-но тIеIаткъамбо аьлла "Вайфондан" белхахочо


Бакъонашларъяран а, гIоьналлин а "Вайфонд" ассоциаци йиллинчех йолчу Садулаева Аминас дIахьедина, оьрсийн къайлахчу сервисаша Нохчийчохь а, дозанел арахьа а бехачу шен гергарчу нахана кхерамаш туьйсу аьлла.

Цо бахарехь, къайлахчу сервисийн белхахой баьхкина хилла кхуьнан гергарчаьрга, кхуьнан паспорт тIера хаамаш а, Швецехь иза еха адрес а хоьттуш. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам Садулаевас ша.

"Со Оьрсийчоьне схьаялийта гIерташ ду шаьш аьлла цара. Сан бакъйолу цIе а, фамили а (ас керла лело, къайлаяьхьна цIе), со ехачу меттиган адрес а хиттина хилла цара", - дийцина Садулаевас. Ишта ФСБ-н белхахоша дIахьедина, зудчо дийцарехь, кхунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долош ду шаьш аьлла.

"Вайфрндехь" ша бен болх бахьана долуш тIаьхьадаьлла шена Iедал аьлла, тешна ю Садулаева.

"Къилбаседа Кавказера иттанашкахь доьзалшна гIо дина оха. Тхан аьтто хилла Интерполан файлашна тIехь контрол латто Комисси а, Евробертан дуккхаъ пачхьалкхаш а, Украина а тешо, нохчашна а, гIалгIашна дуьхьалдоху иттаннашкахь гIуллакхаш бух боцуш хилар. Тхан болх ца тов Оьрсийччоьнна", - аьлла, билгалдаьккхина Садулаева Аминас.

Хьалхо Садулаева болх беш яра гоьваьллачу дагестанхойн Iеламчаца Саситлинан Абу Iумарца йоьзначу "Живое сердце" ассоциацехь координатор санна. Ткъа иза Оьрсийчуьра веддера, террорхойн агIонча ву аьлла, Оьрсийчоьно бехкевинчул тIаьхьа.

Европехь бехачу Нохчийчуьра схьабевллачу бахархоша лелош ю Швецин Норрчепинг гIалахь "Вайфонд" ассоциаци. Адамийн бакъонийн Декларацин а, Швецин низамийн гурашкахь а болх беш йолу, политикаца йоьзна йоцу организаци ю иза. Ассоциацин коьрта Iалашо ю - политикан а, динан а бух тIехь хьийзочу нахана а, Къилбаседа Кавказерчу кхечу къаьмнийн векалшна а гIо латтор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG