ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь митинг хIотто бакъо йоьхур ю 88 тайпано


Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал хилар дIакхайкхош Магасехь митинг хIоттаяйтар доьхуш, кехат чулур ду ГIалгIайчуьрчу 88 тайпанийн векалша. "МБХ медиа" хьостане дийцина цунах тайпанийн Кхеташонехь.

"КIира хьалха БековгIарна дуьхьало йина. Кхи а 88 тайпан нах бу дехар деш кехат чукхачор долуш", - аьллачу тайпанийн Кхеташонан векалийн дешнаш далийна зорбан гIирсо.

93 тайпан векалш бу оцу Кхеташона юкъахь. ХIора денна, цхьаццан цIарх митинг дIаяхьа пурба доьхуш, кехат дIакхачадо Iедалхошка аьлла организацехь.

Байначу беттан 26-чохь митинг дIаяьхьира Магасехь, референдумах долчу низамехь хийцамаш барна дуьхьал. Хьалхарчу дийнахь Iедалан бакъонца йолийна митинг шолгIачу дийне елира. Протестхой дIасабуьйхира шолгIачу дийнан Iуьйранна, митинг вовшахтоьхначара чуделлачу кехатца догIуш, акци сарахь 6 даьлча ерзо езаш хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG