ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь гIалгIашна тIехIоьттина Закаев Ахьмад


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Ичкерин дозанал а арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад гIалгIайн къомана тIехIоьттина, де хьалха Лондонехь дIаяьхьначу митингехь. ГIалгIайчуьра Лондонехь бехачу бахархоша тидаме эцар дехна Магасехь протестхошна дуьхьал йолийначу репрессийн. Ишта тIедожийна, лецна латтош болу митингехь лидерш хилларш маьршабахар а.

Цу маьIнехь митингаш дIаяьхьира Санкт-Петербургехь а, Финляндехь а, Бельгехь а, Германехь а, Швецехь а, Францехь а.

Маршо Радионо яздира, Зазадоккху-беттан 26-27-чу а деношкахь республикерчу референдумах долчу низамехь хийцамаш бан дуьхьал митинге бевлларш лоьцуш хиларх. Нохчийчоьнца дозанаш къастош бина барт бохор а тIедожийнера гулбеллачара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG