ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь дIалаьцна жигархо Нальгиев Мохьмад


Зазадокху-баттахь протестийн митингехь дакъалацарна полисхоша дIалаьцна Нальгиев Мохьмад. Зорбанаша хааме даккхарца, кху баттан 2-чохь дуьйна лоьцуш бу республикехь жигархой. Хьалхарчу исс дийнахь дIавигира 40 вахархо.

Байначу беттан 26-чу дийнахь Магасехь митинг хIоттийра, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнна дарж охьадиллар тIе а дожош. ШолгIачу дийнахь протестхой дIасалахка болийча тасадаларш хилира гулбеллачийн полисхошца.Талламан комитетан информацица, 10 ницкъахочунна чевнаш хиллера.

Юристан Беков Мохьмадан хаамна тIе а тевжина, оршотан сарахь Iорадаьккхина Нальгиев лацарх "МБХ медиа" хьостано.

"ОВД-инфо" хьостано яздира, де хьалха жигархочунна гIуда тоьхнера митингехь хиларна аьлла. Оцу юкъанна, полицино тIе ца витина Нальгиевна адвокат, аьтто ца балийтина цуьнан гергарчийн шайн кIантаца зIе таса.

Iедалан белхахочунна дуьхьал ницкъбина аьлла, бехкевина лаьцнарг, цуьнан цIийнах а, хьоьвсина, иза дIавигинчул тIаьхьа. "ФортангаORG" ТГ-канало хаамбарца, Нальчикехь латтош ву Нальгиев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG