ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецна гIалгIайн жигархой маьршабаха аьлла бакъонашларъярхоша


ГIалгIайчохь тIетаьIIина жигархой лецаро кхи тIе а талхош ду, ишта а чолхе лаьтта хьал, лецначарна дIасабовлар а дихкина, изоляторшкара арабовлийта беза аьлла, дIахьедина "Мемориалан" а, "Гражданское содействие" комитетан а, Москварчу Хельсинкан группан бакъонашларъярхоша а.

Маршо Радионо ма-яздарра, байначу беттан 26-27-чу а деношкахь Магасехь митингехь хилла жигархой лоьцуш бу хIара бутт карабеачхьана. Цхьана декъана гIуданаш диттира, ах Нальчике дIа а буьгуш, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна, Iедалан векалшна дуьхьало йина аьлла.

Бакъонашларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан декъахоша Орлов Олега а, Черкасов Александра а, "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас а, Москварчу Хельсинкан группан хьалханчас Борщев Валерийс а кхайкхамбина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке, талламхойн органашка жигархошна дуьхьал доккху таIзар кIаддар хьоьхуш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

ГIалгIайн куьйгалхочунна а, оппозиционерашна а шаьш "ГIалгIайчоьнан а, Оьрсийчоьнан а патриоташ хета", "царна машар а, паргIато а оьшу, мохк кхиа а лаьа", билгалдаьккхина кехатан авторша, республике дахана шаьш юхадирзича. Конфликтан шина а агIоне - Iедале а, оппозицига а - доьху бакъонашларъярхоша юкъахь диалог йолор, "ультиматуман мотт" Iад а битина.

Регионехь ира лаьтта хьал, мел а кIадлур ду, талламан изоляторш чохь латтош болу жигархой арахецча аьлла ду бакъонашларъярхойн дIахьедарехь. Цкъачунна церан кехатна жоп делла дац ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG