ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-БагIдадех тера волчу стага ша бекхам бийр бу аьлла


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн лидер ву бохучу Абу-Бакар Ал- БагIдадис дIахьедина, шен тIемалой байарна а, набахтешка бохкарна а ша бекхам бийр бу аьлла. Ал-БагIдадих тера волчу стага видео тIехь дина цу кепара дIахьедар аьлла, Iорадаьккхина радикалашца йоьзначу Al-Furqan Media ресурсо аьлла, хаамбина Reuters агенталло.

Шемара даIишхойн тIаьххьара хилла Багхуз чIагIо дIаяккхарна дуьхьал бекхам бара аьлла цо Шри-Ланкехь 250 стаг а вуьйш, дина лелхийтарш.

Маца дIаязъйина ю видео хууш дац. Яххьаш хьулйина, шайн лидере ладоьгIуш лаьтта даIишхойн агIончаш а бу кадрехь гуш.

ТIаьххьарчу пхеа шерачохь дуьххьара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн ву боху лидер тIехь волу зорбане яьккхина материал ю иза, билгалдаьккхина социалан машанашкахь даIишхойн тобанийн жигараллана тIехь терго латточу SITE Intelligence Group портало.

2014-чу шарахь Иракъерчу цхьана маьждигехь Ал БагIдади гайтинчул тIаьхьа, хаамийн гIирсашкахь масийттазза хаамбира иза вийна аьлла. Бакъду, информаци тIечIагIъянза юьсура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG