ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь хилла ву аьлла бехкево Германис схьавелла Нальчикера вахархо


ГIаттамхошлахь лелла ву аьлла, Оьрсийчоьно бехкевина, Германино экстрадици йинчу Нальчикерчу вахархочунна Калмыков Муратна дуьхьалдаьккхина гIуллакх листар дерзийна талламхоша. Церан информацица, 2014-чу шарахь Шемарчу тIамехь дакъалаьцна ву Калмыков. Цул тIаьхьа, Туркменистанан вахархо ву ша аьлла, Германи сехьа а ваьлла, Оьрсийчоьнан кхелах лечкъина хилла иза.

"2015-чу шеран ГIуран-баттахь Украинехула а, Полшехула а кхаьчна Калмыков Германи", - тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь "Кавказ.Реалиин" дехарца.

Лурчаха ГIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано Германига дIавехнера Калмыков, ткъа стохка аьхка ФСБ-ца а, Интерполца а берта а бахна, немцойн Iедало дIавелира иза Оьрсийчоьне.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG