ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бахархой барамашка шайн лаамехь лела


Нохчийчуьра бахархой бертаза митингашка боху аьлла, хаамийн гIирсашкахь а, бакъонашларъярхошлахь а яьржина информаци бакъ ца йина республикерчу профессионалийн юкъараллийн куьйгалхочо Солтагереев Хьусайна.

Къинхьегаман денна кечамбарх дIахьочу пресс-конференцехь цо ишта аьла: "Со кхета, 1-5 стаг нуьцкъаша араваккха тарло, ткъа муха хьажор ву иттанашкахь эзар стаг?! Цу кепара барамаш оха тхайн лаамехь юкъахь дIахьош бу Iедалхошца. Полисхоша ха латтадо, медицинан белхахоша а, орцанхоша а оьшу гIо кхачадо. ХIун Iалашо ю оцу харц информаци яржочийн? Церан хаамаш муха хуьлу хьуна аьлча: стага зуда ялийнехь- нускал бертаза деана хуьлу, ГIурбан де даздинехь - цигахь а цхьа харцо лелийна нисло. Кеста дийца долор ду, пIераскан рузбане маьждиге а бертаза дохуьйту тхо аьлла. Бух боцу дIахьедарш ду уьш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG