ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериев Жалавди набахтера араваьлла


Гериев Жалавди
Гериев Жалавди

"Кавказский узел" агенталлан корреспондент Гериев Жалавди маьршаваьккхина шинаридийнахь, шена тоьхна кхо шо текхначул тIаьхьа. Iуьйранна 9 сахьт 6 минот яьллачу хенахь Чернокозоверчу колонин кевнех машен араяьлла, Гериев чохь волу. Цунна дуьхьалбаьхкинера доттагIий, гергарнаш, яздо "Кавказский узел" агенталло. "Суна суо ирсе хета", - аьлла жимчу стага.

Маршо Радионо яздира шен агIонаш тIехь, 2016-чу шеран Гезгамашин-баттахь журналистна Гериев Жалавдина марихуана лелийна цо аьлла, бехкевина, кхело 3 шо хан тохарх.

Аэропорте боьдучу новкъахь лаьцна, къайлаваьккхинера иза цабевзачу наха. Цуьнгара рюкзак дIа а яьккхина, цу чохь наркотикаш хиллера аьлла, дIахьедира полисхоша тIаьхьо. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх ву Гериев аьлла, дIакхайкхийра.

"ХIара а цхьа урок ю суна. Ирча дайна гIан санна хилларг дицдан гIертар вац со, сайн ма-хуьллу дахаре шовкъаца хьоьжур ву со. Набахтехь а суо маьрша хетара суна, хIинца а маьрша ву", - аьлла жимчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG