33 шо долу стаг лаьцна полицино Крайстчерчехь шинаридийнахь. Иза бехкево куьйга йина оьккхуьйтург Iалашйина цо аьлла.
Байначу баттахь дуккха а нах а бойуш, маьждигна тIелатар динчу гIалин даьссачу цIа чохь дIайиллина латтош хилла оьккхуьйтург а, цуьнан гIирс а. Бахархойн кхерамзаллин дуьхьа йоллу кIошт гоне ерзийна, гергахь бехачарна эвакуаци а йина, схьабаьккхира полисхоша зуламхочо хьулбина тIеман гIирс.
Бехкехетарг дIалаьцна, полицин хаамашца, талламчашна гIуллакх луьстуш гIо а лаьцна цо.
Зазадоккху-беттан 15-чохь Крайстчерчехь 28 шо долчу Австралин вахархочо Таррант Брентона герз детта долийнера гIаларчу цхьана маьждигехь гулбеллачарна тIе. Цул тIаьхьа кхечу маьждиге а вахана, цу чохь а нах байинера. Шина а маьждигехь вийра 50 стаг, иттанашкахь бара чевнаш йинарш.
Карарчу хенахь толлуш ду, оьккхуьйтургца инцидент маьждигашкахь хиллачу тIелатаршца доьзна дуй.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!