2017-чу шеран Зазадоккху-бетан 26-чохь Оьрсийчохь дIаяьхьначу "Он вам не Димон" протестан акцица доьзна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дуьххьара сацамбина компенсаци кхачош. Навальный Алексейн Казанерчу штабан координаторо Дмитриева Эльвирас чуделла арз теллинчул тIаьхьа сацамбина ЕСПЧ-но.
Iедалшца дага а ца йолуш митинге нах кхийкхарна бехке а йина, гIуда а тоьхна, маьхза пачхьалкхна белхаш бар тIедожийнера цунна. Европан кхелан хьесапашца, Дмитриева Эльвирин гIуллакхехь Оьрсийчоьно Европан адамийн бакъонийн Конвенцин пхи артикл йохийна. Оцу бахьанца, кхело тIедожийна Дмитриевана 12500 евро компенсаци дIадала. Ишта кхелана цо дайина 2650 евро а меттахIотто декхаре йина Оьрсийчоь.
"Апология протеста" бакъонашларъяран организацино бина хIара хаам.