ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIахаийтар: 230 сов политикан тутмакх ву Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- Дуьхьалонан акцин декъашхо лаьцна Москох полицин белхахоша. Чилл. 10. 2019.
Оьрсийчоь -- Дуьхьалонан акцин декъашхо лаьцна Москох полицин белхахоша. Чилл. 10. 2019.

Оьрсийчохь политика бахьана долуш чубоьхкинчу нехан терахь алсамдаьлла 230-лла а. Цуьнан бахьана ду Путин Владимира куьйгалла дечу махкарчу Iедалша массо а дахаран сферашкахь керла низамаш юкъадохуш хилар, муьлхха а стаг бехктакхаман гIуллакхан декъашхо ван аьтто беш долу.

Цу кепара жамI дина дIадаханчу оршотан дийнахь Вашингтонерчу Perseus Srtategies юридикан компанино арахецначу дIахаийтарехь. Иза кечдеш дакъалаьцна цхьамогIа Оьрсийчуьрчу бакъонаш ларйон вовшахтохараллаша, шайна юкъахь "Мемориал" а йолуш.

ДIахаийтарехь дуьйцуш ду Iедалша хьийзош оппозицин политикаш а, юкъараллан жигархой а, динан а, жима къаьмнийн а векалш а, ЛГБТ-н жигархой а, ткъа иштта Украинин махкахой а, Украинех дог лозу жигархой а хилар.

Цу мехала кехата тIехь кхайкхам бу буьззинчу барамехь санкцеш кхайкхор доьхуш Оьрсийчохь политика бахьана долуш нах хьийзош болчарна, "Кремлна ша лелориг бахьана долуш шена бекхам хир бац ца моттийта".

Боккха тидам тIебахийтина цу мехалчу кехатан авторша 2012-чу шарахь тIеэцначу репрессиван низамашна, бехктакхаман гIуллакх схьаделла бакъо луш долчу дуккха а адамаш дакъалоцу акцеш дIаяхьаран кеп йохорна, Делах тешачу нахана хетарг сийсаз дарна, хецца сепаратизмехьа кхайкхамаш барна а, ШолгIчу Дуьненан тIамехь Советан пачхьалкхо дина бохург шеконедилларна а, иштта дIа кхин а. Хьахийна ду "кхечу пачхьалкхашкарчу агентех" а, "ца хилча дика хир йолчу вовшахтохараллех а" низамаш.

ДIахаийтарехь политикан тутмакхаш санна хьахийначу нахана юкъахь къаьсттина тидам тIебахийтина валлалц чувоьллинчу ЮКОС мехкадаьттан компанин белхахо хиллачу Пичугин Алексейна а, Украинерчу режиссерна Сенцов Олегна а, "Открытая Россия" тобан жигархочун Шевченко Анастасияна а.

ДIахаийтаран авторшна хетарехь, Оьрсийчохь хьийзош болчу нахана юкъахь 54 стаг ву политикан бахьанца холчахь латтош. Кхин а 182 стаг ву дин бахьана долуш хьийзош. Ша аьлча, буьйцурш бу Оьрсийчохь йихкина йолчу "Хизб-ут-ТахIрир" а "Свидетели Иеговы" а тобанийн декъашхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG