ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо БуритIе дIавигина


ГIалгIайчохь дехачу тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг изоляторчуьра ара а ваьккхина, цIера валар а дихкина вита дуьхьало йина ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело. Дахначу кIиранах ГIалгIайчуьрчу къаночуьнца Барахоев Ахьмадца Нальчикера БуритIе дIахьажийра иза."Кавказский узел" агенталло бина и хаам.

Маршо Радионо ма-яздарра, кху беттан 19-чохь Наьсаран кIоштахь дIалецира ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг. "Медиазоне" лаьцначун кIанта Ужахов Руслана дийцинера, пIераскан Iуьйранна шина машенахь ницкъахой бахкарх шайн хIусаме. Шайгара кехаташ а ца гойтуш, Ужахов Малсаг машена а хаийна, "комитете" вуьгу аьлла, дIавигира, дийцинера цо.

Нальчикерчу Талламан комитете вигина хила тарло иза аьлла, хьостаца къамел динчу Ужахов Малсаган адвокато Куриев Жабраила. Адвокато чIагIдарехь, хьалха а кхоазза талламчас хеттарш дан тIекхийкхина вара иза, протестхойн полицица хиллачу тасадаларийн теш вина цунах.

Оршотдийнахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхелан кхеташонехь листира оппозиционеро ша лацарна дуьхьал чуделла арз. БуьритIерчу лоьмар 6 йолчу изоляторера видеозIенехула дакъалаьцна Ужаховс суьдхойн ладегIаршкахь.

"Барахоев Ахьмадца цхьана БуритIе дIавигина хилла иза дахначу пIераскандийнахь. Йа суна а, йа Ужаховн гергарчаьрга а хаийтина дацара вуьгуш. Со Нальчике дIакхочучу хенахь талламчас телефонехь элира соьга, шена а тахана Iуьйранна бен хиъна дац аьлла", - дийцина адвокато Куриевс.

Ужахов лаьцна латточуьра бехкамаш а бина шен хIусамехь витар дехнера адвокато, иза бехкевечу къепедацаршкахь хиларан а, полисхочунна цо дуьхьалоярх а тоьшаллаш а дац аьлла, амма кхело адвокатна хетарг тергоне ца эцна.

Оппозицин агIончас "ФортангаORG" хьостано Telegram-каналехь билгалдаккхарехь, БуритIерчу изоляторехь Ужаховца цхьанакхетта адвокат Ахильгов Калой. Юриста бахарехь, набахтин хьелашна а, шеца латточу юкъаметтигна а ша реза ву аьлла лаьцначо.

ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь митинг хилира Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш шайн латта нохчашна дIаделла бохуш лелачу нехан. Иза шолгIачу дийнахь а дIаяхьа дагахь хилла цуьнан цхьаболу декъашхой дIасалохкуш дуьхьало йинера цу акцин декъашхоша. Цунна бехке болу нах лоьцуш бу хIинца а ГIалгIайчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG