ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн парламентан депутатан кIант дIалаьцна Москвахь


ГIалгIайчоьнан депутатан Мамилов Закрин кIентан Москвана герггахь йолчу Дмитров гIаларчу хIусамах хьоьвсина оршотдийнахь. Москвахь волчу Мамиловс бакъдина "Кавказ.Реалии" портална, шен кIентан цIийнах хьовсар а. Ишта цо дIахьедина, шен воI дIавигина хилар а. Лацаран бахьанаш къастанза ду, цо схьадийцарехь.

"Фортанга.орг" хьостано дийцарехь, ГIалгIайчохь тIаьххьарчу беттанашкахь хуьлучух шен чIагIо йоллу позици а йолуш, ша мехкан куьйгалхочунна реза цахилар диллина дIахоуьйтучу депутатех ву Мамилов.

Ишта кху беттан 4-чохь кхи а цхьана депутатан Евлоев Бейалан хIусамех а хьоьвсинера полисхой итт сахьтехь гергга. Бахьанаш тахана а хоуьйтуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG