ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гоьваьлла театран а, кинон а артист Омаев Дагун кхелхина


Омаев Дагун
Омаев Дагун

Шинаридийнахь кхелхина нохчийн гоьваьлла кинон а, театран а артист Омаев Дагун. Нохчийн пачхьалкхан Нурадиловн цIарахчу театран пресс-гIуллакххоша дийцарехь, еххачу заманчохь лазар токхуш хилла иза.

"77-чу шаре ваьлла артист Омаев Дагун велла. Шен дахаран 58 шо театрна дIаделла, иттанашкахь кинош чохь дакъалаьцначу Омаевс къегина лар йитина Нурадиловн цIарахчу театрехь а, оьрсийн кинохь а. Йоллу Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а боккха эшам бу цуьнан кхалхар",- аьлла ду театро бинчу хаамехь.

Гоьвалла нохчийн театран, кинон артист, ГIебарта -Балкхаройчоьнан а, Къилба-ХIирийчоьнан а, Абхазин а хьакъволу артист вара Омаев. ЧИАССР-н халкъан артист хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан халкъан артистан цIе лелош а вара иза.

1969-чу шарахь арахецначу "Костры на башнях" кино чохь шен дуьххьара васт ловзийра Омаевс. Цул тIаьхьа кхин а 40 филм чохь ролаш елира цунна, царех 35 коьрта а йолуш.

Дала гечдойла Омаев Дагунна!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG