ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: "Цхьа а кхерам бац Тумсона а, йа цуьнан гергарчарна а"


Нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедина, Нохчийчохь бехачу шен гергарчара шайх дIахерварна, шен дахарна кхерам бу аьлла. Мехкан телевизионехь йоьдучу эфирехь цуьнан гергарчара блогер шайн долара дIа а воккхуш, иза цхьаммо вехь а, шаьш чIир кхайкхор яц аьлла, дIахьедира.

Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата "Говорит Москва" радиостанцина еллачу интервьюхь дIахьедина, Тумсо кхера оьшуш хIуммаъ дац аьлла.

"Суна ца лаьара, цхьа миска винчу, цхьа супер-мега оппозиционер хетачу, оцу тешам боцчу адамах лаьцна хIумма а дийца. Цунна шена а дика хаьа, йа цунна а, йа цуьнан гергарчу нахана а цхьана а кепара кхерам боций, и дерриге а бакъ дац. Волчу шен нахана а оьшуш вац иза, хIунда аьлча, дIахервина стаг ву иза. Цуьнан шен бехк бу. ДIо цхьана Малхбузерчу пачхьалкхехь охьа а хиъна, шен даймахках лаьцна аьшпаш буьттуш лелаш ву иза, кхи дан хIума ца хиларна, роликаш кечъеш. Шен республикех эладиттанаш а кхуллуш. Цхьа а бух боцу хIуманаш ду цо дуьйцурш", - аьлла Умаровс.

2015-чу шарахь нохчийн Iедалхошца шен конфликт иккхича, Оьрсийчуьра вада дийзира Абдурахманов Тумсон. Даймахкахь бехкево иза Шемахь хилла ву бохуш. Масийттазза Гуьржийчоьне тховкIело йийхира цо, цара кхин жоп а ца делла, Полше дехьа а ваьлла, политикан тховкIело яларе сатуьйсуш Iа иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG