ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман шерашкахь оьрсийн эскаршна тIелатар дина ву аьлла, набахте хьажийна нохчо


1999-чу шарахь Новолакскан кIоштахь эскархошна тIелатар дина аьлла Нохчийчоьнан вахархочуьнга Муласанов Резване кховдийна бехк тIечIагIбина Дагестанан Лакхарчу кхело аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано. Набахтехь даккха 13 шо хан тоьхна цунна. Талламчийн версица, Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобан декъехь волчу Муласановс 1999-чу шеран Гезгамашин-баттахь герзашца тIелатар дина хилла Новолакскан территори тIехь лаьттачу федералан эскаршна. Оцу хиллачу тасадаларшкахь вийра цхьа эскархо, чевнаш йира кхаанна.

2015-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх даьккхира Муласановна дуьхьал, 1999-чу шарахь Шелковск кIоштарчу Червленнехь куп тоьхначу эскаран декъана тIелетта аьлла. ХIетахь 15 эскархо вийра, 28 лазийра. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Муласанов Резванна а, кхи а цуьнца хиллачу 4-нна а барх-бархI шераш туьхийра набахтехь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG