ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирманна аннекси яр емалдича бен шен отеле ца вуьту Чехин вахархочо


Украинан ГIирманна аннекси яр шаьш емалдо аьлла, 2014-чу шарахь кехатца тоьшалла ца дина Оьрсийчоьнан бахархой шен отел чу бита дуьхьал хиллачу Острава гIаларчу хьешан цIийнан долахочо Крчмарж Томаша дискриминаци лелийна яц аьлла, хьесап дина Чехин Констутицин кхело. Отелан фирмана тIедожийна гIуда а духадаьккхина ишта кхелахоша. ТIейогIучу хенахь Чехин Лаккхарчу административан кхело юха а луьстур долуш ду Крчмаржан гIуллакх.

Клиенташка шен болу цабезам а гойтуш, уьш сийсазбеш, церан гIуллакхе ца хьожуш хьешан хIусаман долахо леллехь, тIаккха иза бехкехуьлура аьлла суьдхоша. Ма-дарра аьлча, цо эмоцешца гайтинарг шен политикан позици ю, ткъа иза Чехин арахьарчу политикаца йогIуш ю аьлла.

"Бизнесхо декхаре вац политикехь нейтрале хила, шен декхарш кхочушдечу заманчохь цунна дехка бакъо яц шен позици Iораяккха, нагахь оьздачу кепехь билгалйоккхуш елахь", - аьлла, билгалдаьккхина кхелахочо Шимичек Войтеха.

2014-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Чехин коммерцин инспекцин дуьххьара бIаьргкхийтира, Крчмаржа динчу дIахьедарх. Цу тIехь цо къастийнера, шен отел чохь дIатарбала луучу Оьрсийчоьнан бахархоша ГIирманна аннекси яр емалдан деза аьлла. ХIетахь инспекцино гIуда туьйхира цунна 50 эзар крон (2 эзар Iамеркан долларш гергга), амма тIаьхьо гIудан барам лахбира – 5 эзаре кхаччалц.

Суьдхойн дийцаршкахь Лакхарчу администартиван кхело тIечIагIдира, политикан позицино бакъо ца ло клиенташна тIедожо церан пачхьалкхан политикана цаьрга критика яйта.

Конституцин кхеле латкъам бина цунна Крчмаржа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG