Украинан куьйгалхочо Порошенко Петрос хаамбина, президентан харжамашкахь толам баьккхинчу Зеленский Владимирца цхьанакхета барт хилла шен аьлла. Шинаридийнахь телефонехула декъалвира ша Зеленский толам баккхарца, ишта барт хилла шаьшиннан вовшах а кхетта, Оьрсийчоьнца лелор йолчу политикех лаьцна дийцарш дIадахьа аьлла, яздина Порошенкос Фейсбукерчу шен пена тIехь.
"Харжамашкахь лелийна къийсарш тIаьхьадитина оха. Украинан Iедалан куьйгалла дIалучу демократин процессехь пайдаэца оха цхьа а шанс йита ца еза Путинна. Со догтешна ву, иштачу позицина керла президент тIетовр ву аьлла", - дIахьедина Порошенкос.
Оккупаци йинчу территореш тIехь Кремло оьрсийн паспорташ дIадоькъучу юкъанна, массо а хIуманна тIехь позици цхьаъ юй дIагайта деза шина а президенто аьлла, билгалдаьккхина Порошенко Петрос. Оьрсийчоьнан бахархойн бакъонаш Iалашйо боху, сурт а хIиттош, Путин тIеман агрессин керла го баккха кечлуш ву аьлла хета Украинан президентна.
Ишта Порошенкос дош делла, президентан даржехь ша тIаьххьара доккхучу кIиранашкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш чIагIйийр ю ша аьлла.
Шинаридийнахь Украинан Харжамийн комиссино официалехь дIакхайкхийна, Украинан керла президент тIейогIучу заманчохь Зеленский Владимир хир ву аьлла.
Харжамийн шолгIачу турехь толам баьккхира цо 73, 22 процент кхаьжнаш а кхочуш. Ткъа Порошенко Петрона кхаж теснера 24,45 процент бахархоша.