ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьешийн цIа ца тоьура кхузахь


Дагестан -- Кубачи эвла.
Дагестан -- Кубачи эвла.

Дагестанехь уггаре евзаш йолчу турсташна еза еллачу Кубачи эвлахь хIинццалц дацара цхьа а хьешийн цIа. ХIора шарахь бIаьргтоха а, кечлуш ухку дашо а, дети а хIуманаш а, шира технологица дина герз а эца богIу цу юрта эзарнаш хьеший.

Кубачин бахархой, нохчаша куьпчий олу царах, хьаша везаш нах бу. Амма тIаьххьалц цхьа а хьешан цIа а доцуш ехаш яра юрт. Ткъа хIинца цу эвлахь йина яьлла 20 хьешана лерина хIусам. Цунах лаьцна дийцира Кавказ.Реалиига "Кубачи-тур" турфирман куьйгалхочо, цу эвлан администрацин куьйгалхо хиллачу Куртаев Расула. "Кубачи" цIе йолу хьешан цIа кийча ду ала мегар ду тахана туристаш тIеэца.

12 шо ду Куртаев туризман бизнесехь волу. Цундела цунна дика хаьа шайн юьрта богIучарна оьшург хIун ду. Куртаевс дийцарехь, цо йинчу "Кубачи" хьешан хIусамехь 8 чоь ю. Уьш ерш а богIур болчу туристаша, мах а белла, дIалаьцна ю Марсхьокху бутт тIекхаччлац аьлла.

Бизнесхочо дийцарехь, хьалха цо туристаш тIеэцара шен хIусамехь. ХIинца хьешан цIа а дина цо шен доьзал бехачу хIусаманна тIехула. Куртаевс дийцарехь, хьешашна пайда эца йинчу балкона тIера дIахьажча дукха хаза гуш ду гонаха долу лаьмнаш. Цхьа кхачамбацар ду, хи лелор халачу тIегIантехь хилар. Иза доьзна ду эвлахь канализаци цахиларца.

Кубичи эвлара хьешийн цIа.
Кубичи эвлара хьешийн цIа.

​Хьешан хIусамехь буьйса йоккхург Iай мах бу 400 сом. Аьхка -- 700 сом. "Адамаш догIура кхуза. Уьш цхьанха дIанисдан дезаш хуьлура. Туристаш бахкар бахьана долуш суна евзира сой вехачу меттиган истори", - дагалоьцу Куртаевс.

Цо дийцарехь, кхечу пачхьалкхашкара нах наггахь алсам йовза лууш хуьлу республика, цигахь бехачу нахал а. "Куьпчой соьга наггахь хоьттуш хуьлу: кхуза хIунда богIу нах, хIун ду кхуза цу бессара бохуш? Ас олу, шайн истори ешийша, къамел дайша вайн баккхийчу нахаца! Суна дагадогIу тхайн денанас тайп-тайпана шира легендаш а, дийцарш а дийцар. Иза 96 шарахь ехира. Амма цунна ша дагаягIара кхаа шаре яьллачхьана дуьйна, цо дийцара кхузахь хIилла хIуманаш. Дешар Iамийна яцара иза, амма КъорIан дагахь хаара цунна".

Куртаевс дийцарехь, меттигерчу махбархоша эвла хьеший бахкар тIеоьцу шайн комаьршалла гайта аьтто балар санна, цунах пайда бан ца гIерташ. "Эвларчу базара меттигерчу кхачанах кхета догIу тхо. Махбархоша дерриг а мехаза ло хьешашна. Со уьш кхето гIерта ахча ас лур ду, бохуш, туристаша тхуна мах белла хиларна. Делахь а, ахча схьа ца оьцу цара", - дуьйцу цо.

Кубачин юьртда хиллачу бизнесхочо ша а лелара, боху иштта, кхечу турфирмаша шайн юьрта туристаш балийча. Цо уьш буьйсаяккха ша волчу дIабуьгуш хилла, амма цо иза деш хилла мехаза.

"Суна догIуш алапа дара, ткъа цу (туристаш деллачу) ахчанах со ваха а хуур вацара, схьадуьйла олура ас. Iедалан балхара дIаваьлча со кхийтира муьлхха бина а болх ца бича сой мегар ца хиларх. Со дешин пхьар ву. И гIуллакх соьгара дIадаккхалур дац. Амма со Кубачи кхин а алсам йовзийта лууш ву", - дуьйцу Куртаевс.

Карарчу хенахь Кубачин юьртда ву Куртаевн ваша Абдусалам. Цунна хетарехь, цхьаболу церан юьртахой реза ца хила а мега эвлахь хьешийн цIа гучудаларна. И бахьана долуш цига богIучу нахана хьошалла дан церан долу дог-дохийла лахдала ма мега!

Юьртадас дийцарехь, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу церан юьртахоша йиц ца йо шайн эвла. Цуьнан дахарна гIо дан а, юхаметтахIотто а шайга далучу агIор гIо дан гIерташ уьш", - боху цо.

Шира герз гойтуш ву Кубачи эвлан юьртда Куртаев Абдусалам.
Шира герз гойтуш ву Кубачи эвлан юьртда Куртаев Абдусалам.

Амма юьртдас дийцарехь, шира хIусамаш яран башхаллаш а, ламанан ландшафт а бахьана долуш ширачу хIусамаша хазалла еана ца Iаш, халонаш а йохьу.

"И шира цIенош тодеш яккхийн харжаш йовлу. Цигахь меттиг кIезиг ю. Эвлахь бехаш дукха нах хилла. Цхьана хIусаман пен лулахочуьнан цIенон пен бу, дерриг а цIенош цу кепара вовшахлатийна ду. Цхьа цIа доха доладелча цо шеца дохо доладо луларниг, зIен реакци хуьлу. Бахархойн аьтто ца хуьлу уьш тобан, цундела уьш керлачу хIусамашка дIабаха лууш хуьлу. Шира цIенош тосий дуьту цара. Ткъа уьш церан дайн хIусамаш ма яй! Тхов мукъане тобеш хилча дика хир дара, хи чу ца эхийта" - дуьйцу Абдусалама.

Дукха хан йоццуш Кубачехь юхаметтахIотто долийна XVI бIешарахь дина маьждиг.

"Иза дуй хууш бацара дуккха а меттигера бахархой. Куьпчаша бусалба дин тIеэцна XIV бIешарахь. Кхузахь 12 маьждиг хилла. Уьш хилла ширачу эвлахь лаьттан цхьана кийсига тIехь, ойла яйша! – дуьйцу Куртаев Абдусалама, Израилера а, Китайра а, Британера а, Германера а, Италера а, Iаьрбийн пачхьалкхашкара а баьхкинчу туристаш хьешийн книги тIехь дитина йозанаш а гойтуш.

Кубачин юьртда Куртаев Абдусалам.
Кубачин юьртда Куртаев Абдусалам.

​Iаламан хазалла а, ша-тайпа архитектура а, пхьола а доцург, Кубачин бахархойн дозалла дойла ду тамашийначу ламастах. ХIора хIусамехь леррина къастийна чоь ю кхузахь динехь еза лоруш йолу безамна лелан хӀуманаш латтош.

Ширачу заманахь цу чохь гуллуш хилла къонахий куц даьккхинчу тIулгийн товхана хьалха луьш-олуш хевшина Iан. Цу чохь латтош хуьлу йоI маре йоьдуш цо шеца хьур долу тIорказ а, хи лело шира кӀудалш а, пхьегIаш а, Ӏадаташ кхочушдон неIарх а, бежинан цIогарчех а йина туьтмӀаьжигаш а. И дерриг а, хаза а хеташ, схьгойту дог дика хIусаман дайша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG