ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шарахь депутата Делимханов Адама 4,7 миллион сом даьккхина


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама дахначу шарахь 114 эзар соьмана алсам пайда бина 2017-чу шарца дуьстича. 2018-чу шарахь 4 миллион 769 эзар сом хилла, ткъа 2017-чохь 4 миллион 655 эзар сом дара.

Кхидерг декларацица догIуш ду. 1446 гектар латта а, 250 еакIов метар майдан тIехь цIа а ду цуьнан. Долахь машен яц.

49 шо долчу Делимхановн ши бер тIекхетта. 2017-чу шарахь ши бер-кхиазхо ду шен аьлла, билгалдаьккхинера цо, ткъа 2018-чу документ тIехь 4 бер ду яздина. Официалехь хьалха а санна цуьнан хIусамненах информаци яц.

Парламентан лахарчу палатан официалан сайтехь зорбане яьхначу декларациш тIехь деша таро ю кхиболчу Нохчийчоьнан цIарах Думерчу депутатийн – Саралиев Шамсаилан а, Селимханов Мохьмадан а, Догаев Ахьмадан а - тIебогIучу пайданех а, церан бахамех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG